Рен Кристофер | |
---|---|
инг. Christopher Wren | |
ГӀуллакхан тайпа | Архитектор, математик |
Вина терахь | 1632 шеран 20 октябрь |
Вина меттиг | Уилтшир, Ингалс |
Кхелхина терахь | 1723 шеран 25 февраль (90 шо) |
Кхелхина меттиг | Лондон |
Гражданалла | Ингалс |
Да | Christopher Wren |
Рен Кристофер Викилармехь |
Сэр Рен Кри́стофер (инг. Christopher Wren; 20 октябрь 1632 — 25 февраль 1723) — 1666 шарахь йоккха цӀе йаьллачул тӀаьхьа Лондонан центр йухайина ингалсан архитектор а, математик а. Ингалсан архитектурин къоман хатӀ — ренан классицизм — кхоьллинарг . Брокгаузан а, Ефронан а дошамо мах хадорца, «шен кхолламашкахь Рен гӀоле лаьттара низамца Палладион бакъонаш лелош руман хатӀ тӀехь, амма лелайора уьш чӀогӀа Ӏилманан техникин чот йеш».
Оксфордера математикин профессор, Лондонан паччахьан йукъараллин уггаре гӀуллакхдечу декъахойх цхьаъ, дуккха а талламаш бина, шен хенарчу Ӏилманчаша (Гюйгенс, Паскаль, кхин а) беш хилла болу, математикин а, механикин а белхаш тӀехь; масала, циклоидан Ӏад нисдаран болх, квадратура, цуо йеш йолу майданийн кубатура, догӀмаш хьийзар, цӀалк техкаран болх, планеташ шайн орбитехь латто ницкъаш. Валлисца а, Гюйгенсца а цхьаьна хенахь цуо гайтина йаккъаш цхьаьна асанца лела кӀеда горгалаш вовшахкхетаран белхан хьесап. Цул сов, цуо лелабора кеманаш даран болх, хин чухула лела догӀмашна хиной о доьхьалонах белхаш, пийсигийн а, гатанийн а механика.
{{cite journal}}
: Cite journal требует |journal=
(справка); Недопустимый |ref=harv
(справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (пропущен periodical)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)